Нохчийн поэт Хасбулатов Ямлихан вина 1935-чу шеран август беттан 7-чу дийнахь Сьлжа — Г1алахь. Поэтан дуьххьарлера стихаш зорбане йийлина Казахстанехь (Алма-Атахь) арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газетан аг1онаш т1ехь, 1969-чу шарахь арайолу цуьнан «Догдохийла» ц1е йолу стихийн хьалхара гулар. Х1етахь дуьйна нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь поэта арахецна 10 сов стихийн, поэмийн гулар («Кхокханан йиш», «Лекха ц1е», «Къоьзана», «Лаьттан йозалла»…) Цуьнан байташ зорбане йийлина «Поэзия», «Молодая гвардия», «Нева», «Аврора» журналашкахь. Ямлиханан поэзин турпалхочунна ца лаьа «Кхин гойла адмалла доцурш», и веха, вайн стеган, вайн хенан дикалла ган лууш».
Хасбулатов Ямлихан говза, пох1ма долу журналист санна а вевза республикехь, цо болхбина «Къинхьегаман байракх», «Ленинан некъ» (Даймохк) газеташкахь, Нохчийн телевиденехь. Цуьнан стихаш т1ехь язъийна дуккха эшарш ю вайн мехкарша лоькхуш, иштта иллеш ду филармонии артисташа йоккхачу говзаллица д1аолуш. Царех цхьадерш: «Хьо лела некъаш», « 1аьржа буйса», «Хьан лекхалле», «Ламанан аз», «Ирсан лар» дуккха кхин ерш а.