Сиржана дуьххьара пондар караэцна пхи шо а кхачале. Цуьнга безам бахийтинарг цуьнан нана Маьлхиш, воккхах волу ваша Ахьмад вара.
Кехат – пондаран диканиг цуьнан цхьаьна а мукъамца эладита, сардам я не1алт ца лакхаадалар хетта Сиржанна.
Цуьнан репертуарехь ткъа сов шеен дешнаш т1ехь яьхна эшарш ю, оццул гергга, чу са кхоллаза ю.
Шен х1ора эшар нанна бер санна дукхадеза Сиржанна.
Къаьсттина цуьнан езаш т1еэцначех ю, «Хан йоцчу хенахь г1уьтту со»,
«Сийна Б1аьсте», «Д1айоьду зама», кхиерш.
Шена нохчийн халкъан эшарш йовзийтинарг, шеен хьехархо а халкъан артистка Ганукаева Йисита лору цо. Айдамирова Айманис («Тешнабехк»), Кагерманова Раисас («Хьо лела некъаш»), кхечара локху Сиржана дешнаш, мукъамаш баьхна эшарш