Кху дуьненан кийра хоьъна зевне… — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Адам Ахматукаев

Кху дуьненан кийра хоьъна зевне…

Кху дуьненан кийра хоьъна зевне
Ненан маттах дозаделла дешнаш
Схьагулделча цу хьан бетан кевне,
Iехалур бу кийтарлонах тешнарш.

Хьуна тIаьххье шех масалийн ало
Эбеллачу маттахь кегор кхечо,
Лайна, бохуш, мехкан боцу бала,
Вайн маттана лоьхуш маьрша гечо.

Шуна тIера даьгна даьлча шатлакх,
Меттан хьал а цхьалхадаьр, де эшна.
Цунна тIера доIа карладаккхар 
Ма дуьсийла шун орцанах тешна.

 

Адам Ахматукаев

Оставить комментарий