ЦIазамаш мерза ду Даймехкан арахь… — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Адам Ахматукаев

ЦIазамаш мерза ду Даймехкан арахь…

ЦIазамаш мерза ду Даймехкан арахь,
Ахь дууш долчеран – бос бу.
Верасийн кхел ю хьо веддачех лара,
Ойлае ахь а – и дош ду?..

Лела-кха, декъаза цхьа пал идош, хьо,
Аренца марзделла рицкъа.
Юург а, мерг а ю кху цIахь тхан, дош а
Сийлахь ду хьоьгарчу ницкъал.

Уггаре хьомениг херйинчу хьуна
Парзашна жоп хирий техьа?..
Орамаш дахьоле херонан хьуно,
Верзахьа сихонца цIехьа.

 

Адам Ахматукаев

Оставить комментарий