Юха а хьан буйнахь мукъ бу,
Сан буйнахь — шаьлтанан дитт.
Юха а, дахар, хьо бакъ ду —
Ас хьанал до хьуна ц1ий…
Юха а сан кочахь — хьан дукъ,
Некъан а яц чаккхе, йист а.
Юха а, дахар, хьо бакъ ду:
Х1ун бен ду — хьацар a, ц1ий a? –
Хьан кха т1е 1ена уьш ший а…
З.Яндарбиев