Когашна девзар ду некъан хьал — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Яндарбиев Зелимхан

Когашна девзар ду некъан хьал

Когашна девзар ду некъан хьал,
Куьйгашна — биначу белхан.
Цхьатерра ю царна кхочу ял —
Г1елдалар, ц1ийх йогу берчаш…

Ас некъийн ял зима йиссалиа:
Айраш а хедадеш мачийн,
Сихвелла г1улчаш ас тийсина, —
Ткъа стенна, стенна т1е кхача?

Кераюкъ ягийна бело сан,
Мангало, кесаршка хьош,
Иэгайо буц санна, хедош са,
Г1елдина дахаро дог…

З.Яндарбиев

Когашна девзар ду некъан хьал,

Куьйгашна — биначу белхан.

Цхьатерра ю царна кхочу ял —

Г1елдалар, ц1ийх йогу берчаш…

 

Ас некъийн ял зима йиссалиа:

Айраш а хедадеш мачийн,

Сихвелла г1улчаш ас тийсина, —

Ткъа стенна, стенна т1е кхача?

 

Кераюкъ ягийна бело сан,

Мангало, кесаршка хьош,

Иэгайо буц санна, хедош са,

Г1елдина дахаро дог…

Оставить комментарий