Ойла ма-ййу дуьне дац — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Яндарбиев Зелимхан

Ойла ма-ййу дуьне дац

Ойла ма-ййу дуьне дац,
Дуьне ма-дду таро яц,
Ткъа к1езга дерг маь1не дац…
Ала-м олу наха,
Олу — мерза дахар,
Олу — ирсе дахар.

Ткъа суна-м ма хаьа,
Царна а и хаьий:
Ойла ма-ййу дуьне доций,
Дуьне ма-дду таро йоций,
Кхин к1езга дерг маь1не доций…

 

З.Яндарбиев

Оставить комментарий