Яндарбиев Зелимхан

Некъ ло суна, доьху

Некъ ло, дуьне, некъ ло суна, доьху,
Хенан гаьллаш озий жимма юха.
Ца го хьуна дог, ас хьайга оьхьу,
Да1 деш, дижна хьан кхоамза мух1ар!

Тешам ма бац цунах дийнахь сарралц,
Цу т1епингах эккха кийчча болчу.
Хьаьхна цунна адамех юьзна цхьалла,
Г1елделла и — денна х1итта холча.

Хьаьхна иллеш, г1айг1анаш, сатийсар,

Зама хьаьхна, некъан силам-т1улгаш…

Цхьа берд лохьа, догдиллича ирсах,

Минотана товжон ойла-тулг1е…

 

З.Яндарбиев