Яндарбиев Зелимхан

Нана

Цхьацца стигал — шина б1аьргахь,
Екхна, сийна, сирла,
Шина стиглахь цхьацца малх а
Суна хьоьгахь гина…
Цаьрца декхаш, цаьрца кхоьлуш,
Гина xlapa дуьне.
Тахана а цаьрца хьоьжу
И соь,
Амма т1уьна…

 

З.Яндарбиев