Аймин бурош санна – хьийзаш, сийсаш
Амбаран чIуг санна – хьаьвзина; йоккха
Амал эцначу говро санна – цIеххьана аьллар тIера яьлла /ваьлла/, болар сихдан
Амале /амал/ еанчу виро санна – цIингаш кхийса
Анзоран Зазу санна – кура, хаза; цIеяххана
Ардангах хаьдда гила борз санна – сагатдеш, цхьалха; угIа
Ас кхайкхина /веъча/ валийча санна – везавеш; схьак-хача
Аттана тIаьхьа эса санна – тIаьхьара ца волуш, тIаьхьа лела
Аттана тIехь нуьйр санна – ца товш
Ахьара юккъера схьаиккхина мукадахка санна – дукха пудар-басар хьаькхначу /къеначу/ зудчунна олу
Аьнгалин говзанчо боьттича санна – хаза, куьцехь
Аьнгали санна – чекх са гуш; шера; атта аталуш
Аьрга хьач санна – муьста
Аьрга хьач кхаьллича санна – юьхь чIиччIашка /яха/ ваха
Аьрзунан зIок санна – дукъ тIе а даьлла, сеттина мара
/Аьттан/ цIоганах вакхийча санна – оза, гIийла
Аьхкенан довхачу дийнахь мела мох санна – тамехь
Багара лам божарна кхоьруш санна – вист ца хуьлуш
Багара сай бадарна кхоьруш санна – дош ца олуш, вистхилар кIезиг долуш
Багахь гIулгаш дохкуш санна – аъ-маъ, гIам-гIим дан
Бадах-шурех йича санна – таза, унах цIена; хьийкъина, дегIан чкъор кIайн долуш
Бай тIе /ченала/ вир санна – керча; карча
Бакъийна чIара санна – оза, чIепашха
Барз бохийча, зингатий санна – даьржина, даржа
Барзо жа санна – даржо /й, б, в/
Барзо йоруш /воруш/ санна – дера мохь хьекха; Iеха
Барзо санна – буьйда пхьор даа; моха ян, катоха
Басахь бина такхор санна – гуччохь, къаьсташ
Бацалахь бер /вир/ санна – керча
Бацалахь цIен зезаг санна – техка; хаза, бIаьрг хьоь-стуш
БаI санна – дуьра, ира
Беже /йигинчу/ яханчу говран санна – са ца къералуш
Бекъачу эрзах цIе санна – сиха
Белла меза санна – партала
Бело бIал санна – атта тIекIелтаса
Бер санна – догцIена, ловза
Беран бIаьрхи санна – цIена; Iовжаме
Бера санна – хьийза, хьовза; дегI ловзо
Берзан бага воьдуш санна – хала, дуьхьало еш ваха
Берзан багара ваьлча санна – сиха вада /чуэккха, дIаэккха/
Берзан багахь лу санна – гIийла веттавала /й, б, д/
Беро шен нене санна – цIенчу даггара, дагара дийца
БерхIиттара /пхийттара/ яьлча /ваьлча/ санна – каде, дегI дайделла; басна хазъелла, хаза, могуш
Беса дуо буьзча санна – хазахета
Бодано суй санна – дIакхалла, къайлабахьа
Бодашка кхоьссина топ санна – эрна
Болатах доьттича санна – деза, сатарха, буто, чIогIа
Борз-газий санна – барт боцуш, гIоьртина
Борз санна – майра, дера; угIа; тIегIерта; къоьлла; цкъа мацалла валла воллуш, цкъа вуьзна эккха воллуш
БугIа санна – чугIерта, дIасауьдуш, уьдуш; Iеха
Букъа юккъе Iоьттина шаьлта санна – ямартло, теш-набехк, ян дуьхьало йоцуш
Бун йоьхна жIаьла санна – гIайгIане, чу ваха чоь йо-цуш
Буобер санна – гIийла, декъаза, беркъа, меца
Буобер дузийча санна – дика дан, мел баккха
Буобере ненан майра санна – оьгIазе хьежа
Буса бина такхор санна – хатI доцуш
Бустам баккха санна – кIирвелла, вехха хьежа
Бусулба стага ламаз санна – лара; тIех ца тилийта
Бута еанчу стеран санна – юсаелла ши мераIуьрг
Бута еъча санна – сацар дайна
Бух боцу шелиг санна – ца вузуш /д, б, й/, ца Iебаш
Буьхьиг санна – кхийсалуш, ловзуш
БIагор санна – гонах хьийза
БIаьллангах таьлланг санна – хьарча; чIогIа хьаьрчи-на, тIелетта
БIаьрга яхана чуьрк /хIума/ санна – новкъа хила, са-дууш
БIаьргара хIума дIаяьлча санна – сапаргIат, паргIатвала; синтеме
БIаьрга сара кхетча санна – дIасаида, сиха лела
БIаьргаш баьлча санна – ца гуш хила, цхьаъ хьаша
БIаьргийн нур дайа санна – къеггина, сирла
БIаьстенан догIа санна – беркате
БIаьстенан малх санна – хаза, дог хьоьстуш; аьхна
БIе шо кхаьчначу къаночо санна – маьIне, чулацаме къамел дан
Вала вижча санна – меттах ца хьовш, хьала ца гIоттуш
Вала воьдуш санна – дуьненах дог а диллина, массеран Iодика ян; хала ваха
Вала цавезарг велча санна – угIа; велха, холчахIотта
Валарчу вирзина стаг санна – дуьненах дог диллинна, вочуваьлла
Варшахь ча дуьхьалкхетча санна – воьхна хьовза
Ваша воцу йиша санна – декъаза, гIийла
Веза хьаша санна – лерина лело, тIеэца
Вемоз санна – мерза, ховха
Вехна нуц гича санна – са ца къерадала, чам бан
Вехна стаг санна – дегIана дола ца далуш, техка, дукха лен
Виро шар санна – мерза а хеташ, сихха, сутара дIамала
Вирца лаьттина шинар санна – талха, виран амале дерза
Вордан чкъурго пхьид санна – атта хьаша
Вордан чкъурго цIога хьаьшначу кIезо санна – мохь-цIогIа хьекха; цIийза
Вотанна тIе хиъна моза санна – байтал а ваьккхина ви-та /долчух ваккха, къиэван/
ВорхI велча санна – чIогIа холчухIотта, маьхьарца /велха/ елха, угIа
Гай яьтIча санна – чIогIа мохь хьекха
Гезгмашано моза санна – шеко йоццуш лаца
Гел хьовзийча санна – чIогIа къовла, къевлина; корта лаза
Гирзаш девлла буьхьиг санна – ирча, оза, кан тилла
Гирз даьлча санна – дегI кIамдан; сацар дайна
Говран амал евза дин-бере санна – эвхьаза; ларлуш, амма ийза ца луш
Гомашан кIорни санна – юхагIерташ, ийзавойтуш
Гомаш санна – цIунала гIерта; Iаха; дIатеттинчохь Iан
Гол тIе хьаькхна шаптал /балг/ санна – сийна-можа, къегина; кIунзал баьлла корта малхехь
Гура чохь экха санна – йиш йоьхна дIасахьийза
Гурахь даьккхина тевна санна – гIийла, экама
Гуро лаьцна дахка санна – кIелхьаравала некъ лоьхуш, дIасаида
Гуро лаьцначу /хьозан/ оьпан санна – дог детталуш
ГIабакхан тIам санна – атта каглуш; лерина лаца /лело/
ГIабакхан хутал санна – вакъавала; вакъавелла /оза/
ГIаж хьажийна /хьажийча//гайтина, оьхьна/ жIаьла санна – «гIагI» деш, дIаэккха
ГIажарийн куз /йовлакх/ санна – къорза, бес-бесара
ГIан карахь набарха ваьлча санна – дог доха
ГIамарла боьжна хин тIадам санна – лар йоцуш ван; сиха кхачо, ца тоа
ГIамарца бер санна – ловза
ГIатта кечделлачу олхазаро санна – ши тIам а бар-жийна, ши куьг дIасадахийтина
ГIаш яьтIча санна – когаш дIаса а бахийтина, цIармат Iилла
ГIезан тIам санна – /туьман кехат/ цIена ахча
ГIенах бер санна – веккъа юьхьца, сибатттца /вела, вел-ха/
ГIодах яьлла жеро санна – меженаш хецца вижа /Iилла/
ГIожанна моьлкъа санна – дуьхьалверза
ГIо хьаькхна салаз санна – шарша /шершшина/
ГIудин тезетахь стаканаш /Iайгаш/ санна – шортта
ГIурбан батттахь даьхни санна – мехала дала, даздала
ГIулозан боьрахь алмазаш санна – сингаттаме, шийла, жирга угIа, дека
ГIум йиъна борз санна – дегI дазделла
ГIургIезан тIам санна – кIайн, беха /буткъа/ йоьIан пхьарс
ГIуркх /муш/ байна пелхьо санна – сацар дайна /дIасаида/
ДабагIа доьхна кетар санна – шамаре, хебаршка яхна; юкъ-кара беса
Да вийна мостагI санна – ца веза /луьра цабезам/
Да воцу керт санна – къухала яхна; къуьйсуш
Дай-ваший ас вийча санна – бехке воцчуьнца мостагIалла лаца
Дай тIехь лаьцча санна – къиза хьийзо /бахьана доцуш/
Дай тIехь лаьцна къу санна – бехкала ваха, къинхетам боьхуш; хьийзо
Дакъа санна – меттах хьар доцуш; азвала, вуочавала; шийла
Дакъийна жижиг санна – хьаса болуш; оза, шамаре
Дала аьлча санна – шеко йоцуш тIелаца, кхочуш дан, деза лара
Дала вазвина ваийтича санна – сий дан, лара
Далла дуьхьала даьлла шайтIа санна – дуьхьала вала, аьлларг ца дан
Дала а, наха а делча санна – шадерриг тоделла, тодала
Далла хьалхахь санна – жоьпалла; догцIена, лачкъийна хIума доцуш
Дархочо санна – гIийла узарш дан
Даш санна – деза; лала а лелина /лала/
Дашах доьттича санна – деза; испай, куьцехь
Дахка /дахкана теба/ хаабелла цициг санна – таба, хаба, дIате, сема
Дахьийна зуд санна – гарри-нехь эгош, хаба а хебна
Даръелла езарг санна – карзахе; хала сецо езаш
Дашо /бIелиг/ буьртиг санна – хаза
Даьтта хьаькхна локкхар санна – кIадван, мадван /кIеда/
Дегабаам бина зудабер санна – вас хилла /лахара балда а оллийна, ши бIаьрг хих а буьзна/
ДегIан меже яьккхича санна – чIогIа эшам хила, дог дуоха; лазо; мохь хьекха
Демла /хIуьрала/ иккхина дахка /гIам/ санна – тIех пудар-басар хьаькхна
Дений-нанний хьалха санна – церан бIаьргаIуналлехь; эвхьаза, гIийла воцуш
ДенцIа кхаьчча санна – паргIатвала охьахаа, эвхьаза лела
ДенцIера йогIуш санна – шортта совгIаташ а дохьуш
Деса бохча санна – оза-еха юьхьмарш
Дестечунна меран бер санна – ца деза, новкъа хила
Дехкан Iуьрг ларден цициг санна – таба а тебна, мет-тах ца волуш, сема
Дехкина зуд санна – дера лата
Дешин варкъ диллича санна – лепа, къиега, бIаьрла
Дика хелхадаьлла бер санна – хасто, хьаста
Дистина догIу хи санна – гIаре, чалх такхийна, ян дуьхьало йоцуш
Дитта буьххье хиъна къиг санна — лакха хьала а ваьлла, охьахаа, хиъна Iен
Дожа кечделла гуьйренан гIа санна – хаза, можачу ба-сахь
ДогIанна кечлуш йолу мархаш санна – тIеттIа гуллуш /дукха адам гулдала/
Докъанна санна – коьрте /когашка/ хIитта, тIехIотта
Дохделлачу жIаьло санна – /бага а гIаттийна/ бага гIетто
ДоIахах леттачу айпечу стимо санна – дуьне къахьдан
Доьхка хаьдда /тиша/ топ санна – вахвелла меттахь /воьжна/ вижна Iилла
Дужу гIа санна – вожа; меллаша, хьаьвзина вожа
Дуо санна – боккха корта; веста а вистина
Дум санна – хьена; мерза; токхе
Дум биина вижча санна – мерза, чIогIа наб кхета
Дуьйлина Iад санна – вула а велла; гIуллакхна кийча
Дуьгу нускал санна – кечйина, кечъелла; хаза, товш
Дуьне доха доллуш санна – гIовгIа яла, токхамаш, хер-царш хила
Дуьне доьхча санна – воьхна хьийза, сиха дIасаида
Дуьненна гуо боху можа малх санна – го баха, гонаха хьийза
Дуьненна гуо лаьцна сийна хIорд санна – боккха; гуо бина
Дуьненна гуо а баьккхина веъча санна – куралла етта, ца ваша, везавен; гIелвелла
Дуьне тIедоьжча санна – йоккха гIовгIа яла; тIех гIийла лела
Дуьне шена делча санна – боккха кхаъ хила, хазахета; кура
Дуьне шен долуш санна – сакъераделла, тоам хилла
Дуьне Iадо санна – чIогIа мохь хьекха; гIовгIа яла
Дуьнено мотт лаьцча санна – тийна; тапъаьлла тийна
ДIадиллича санна – дукха ца лоьхуш, сихха дош ала
ДIакхалла санна – чугIерта; дов дан
ДIакхоьссина кIеза санна – гIийла; хьесталуш
ДIалечкъина малх юха гучубаьлча санна – хазахета
ДIама санна – верстина, нисвелла, нуьцкъала, буто
ДIовш санна – сиха даржа; сиха шен болх бан
Ехкина борз /зуд-борз/ санна – даръелла, дера лата
Ехна ялийча санна – езаеш, моханаш кхоьхьуш
Ехна оьпа санна – къахкар доцуш, эвххьаза
Е чохь хударан бера санна – хIайтъаьлла хьийза
Ешап санна – кIозарш а охкийна /ирча/, цIармата; жоьра Iан
Жана хьалха бож санна – тобанна хьалхавала; хьалха а ваьлла, ваха
Жерочун кIант санна – дегала; майра; нийсо езаш
Жинаша иэгIийча санна – юьхь а, хьажар а лацаделла, ши бIаьрг йилбазан кара а белла
ЖоьжагIатан цIарах санна – кхера, ларвала, къехка
ЖIаьла дехкина ор санна – боьха, хьожане
ЖIаьлина гIаж санна – /ца/ веза
ЖIаьлина доьша /даьIахк/ санна – лерам боцуш, бен доцуш хьалхахIотто, хьалхакхосса
ЖIаьлина санна – дицдала, атта, сиха дицлуш; хьалха кхосса
ЖIаьлин даьIахк санна – чIогIа; чIагIвала
ЖIаьлин ун санна – атта тIедолуш, даьржаш
ЖIаьлеша доьша санна – къевсина; къийса
ЖIаьлеша хьекхийна йовсар санна – тийна-таьIна-хебна, хIоьттина; кан тилла
ЖIаьло доьша санна – сихха, сутара, саьхьара яа
ЖIаьло къуьнан кетар санна – кескаш яха, иэтIо
Заддашна тIаьхьаидда пхьу санна – хIоьттина; хIотта
Зарзаран аз /йиш/ санна – хаза, исбаьхьа, башха
Зингатан гIодаюкъ санна – юткъа, хадда йоллуш гIодаюкъ
Зингаташа сийсаен туьйлиг санна – дукха адам гул-делла, адамо сийсош
Зуда санна – велха; лела /зударшха/
Зуьдана тIаьхьа пхьу санна – тIаьхьа вала
ЗIок /зIокберг/ санна – дуьхьал верза; хьаьвзина, дукъ тIе даьлла мара
ИйгIина йоьду зуда санна –дегабаам а бина; са ца къе-ралуш
Ирс доцчо гулдинарг санна – карара дала
Ирс каро санна – хала
Ирс санна – дIаваха сиха, наггахь бен ца вогIуш, веъча, дукха ца Iаш
Иту тухуш баьккхина шу санна – нийса са болуш
Иччархоша го бинчу берзан ши бIаьрг санна – оьгIазе, дера, къегаш
Иэро пхьагал санна – лорах лаха, лаца
Йилбазан кIорни шен ненаца Панка-Панкица санна – эвхьаза
Йис йиллича санна – къежбелла корта
Йисна Iан зуда санна – хала амал йолуш, дегабааме
Йисна Iачу зудчо санна – доггах дIаьвше сардам болла
Йиша-ваша санна – ийна, гергара, хьоме, бертахь
Йишин бер санна – хьесталуш; хьоме
Йовлакха юккъера схьаэцча санна – цIена, керла
Йойна гIаж санна – гажа а гежна
Йоккха топ яьлча санна – йоккха гIовгIа яла
Йокъанна йочана санна – иэша
Йокъа йочанна санна – тIера хила, резахила
Йокъа йочанах санна – хьега
Йокъах хи санна – кIезгдала, мехала дала
Йоьза зурма санна – къамкъарг его, чIогIа лен, Iеха
ЙоIбIаьрг санна – лерина лардан, Iуналла дан
Карара баьлла чIара санна – боккха хеташ; дагахьбал-лам буьтуш
Карийна /караIамийна/ кIеза санна – хьесталуш, эсала
Каш /кошахь/ санна – бодане, готта, шийла; жирга
Кемсийн мутт санна – мерза
Кепатоьхча санна – товш, сатарха; барам-бустам нийса болуш; дукха адам /машен чохь/
Керта йоьгIна мунда санна – ирча; меттах ца хьовш
Керт йоьхкина мечиг санна – къаьркъа муьйлуш,
маларна ахча ца кхоош
Кертана доьгIна хьокхий санна – моггIара, нисса, ирахь
Кино чохь санна – атта /дан, хила, хIотто/; сурт хIотта
Кирша бугIа санна – вусавелла; чугIерта
Кисанара схьаэцча санна – сиха ала, ойла еха а ца еш жоп дала
Кога доьдучу беро санна – ког баккха Iемаш /болар/
Когах кIохцал дахча санна – текхна болар /когабуьхьар я кога тIе а ца вазлуш/
Кокан буьртигаш санна – Iаьржа /ши бIаьрг/
Корта этIош санна – узарш дан, мохь хьекха; лазаме
Косказ санна – вуткъа, веха /в, й, д/, лекха
Котамаша зIок йиттина ахьаран гала санна – морзгал
Котаме хIоа санна – охьадиллийта, охьатасийта; дайта
Котамо буьртигаш санна – атта, сиха лахьо
Котамо мIараш хьекхча санна – хатI доцуш /ца къаь-сташ/ йоза
Коча йоI санна – хела, маргIал; чIиркъе, кура
Кочара хаьдда туьтеш санна – Iанадаха, дIасадаржа
Коча Iамийна бер санна – везавеш, лелла ца волуш
Кошара гIаьттина да цIа веъча санна – хазахета; цец-вала
Кошара гIаьттича /гIаьттина веъча/ санна – докъан басахь, ирча, вочаваьлла
Коьртах жIов /хIума/ кхетча санна – тентак а ваьлла, ша хIун леладо а ца хууш
Коьртахъяьлла гIурбан бож санна – маса неIарх чу-эккха, керта тIехула эккха, дIасаида
Куй билла веъча санна – сихха, хье ца луш, дIаваха
Куралла йожийна боргIал санна – юьхьIаьржахIотта; олла а велла
Куьзган чохь санна – ма-дарра гуш, гайта; ган
Куьйган кераюккъехь /кераюкъ/ санна – шера ган, ул-лехь, ца ган йиш йоцуш; шера
Куьйгаш лехча санна – ши куьг меттах ца хьалуш; куьйгахь хIума ца сацалуш
Куьйрано кхокха /кIайн меъ/ санна – /дера, сиха, атта/ вовшахваккха, тило, эшо; ловзо
Куьйрано моха йича, дIасауьду котаман кIорнеш санна – даржа, даьржина дIасаида
Куьркан бертиг санна – багахь цхьа а къахк а йоцуш, ирча йоккха баттт
Куьйран бертиг санна – йоккха /ирча/ баттт
Кхана лийр волуш санна – жамIдан, къахьега, сихвала
Кхаъ /боккхуш, боькъуш/ кховдош санна – хазахетийта санна; хазахетарца
Кхаъ хезча санна – хазахета, ши бIаьрг серлабала
Кхаъ эцна воьдуш санна – хазахеташ, ког когах ца кхе-таш
Кхеллих даьIахк йоьллина жIаьла санна – сапаргIат хила
Кхел кхайкхор санна – доца; деза, дегаза; къиза
Кхерам туосабелчу экхан санна – бIаьргаш уьдуш, лерса ирдина
Кхерчахь иккхина цIеран суй санна – цIеххьана, кхос-са а луш, сихха баьгна дIабала
Кхечу дуьнентIе ваьлча санна – цIеххьана хийцам /аш/ хила; гIуллакхаш тодала; аттачу ваьлла догдика хила
Кхиъна йогIу йоI санна – хаза, къона, таза
Кхораш биъначу нелан санна – дика /гIуллакхаш/
Кхоьлина де санна – юьхь кхоьлина, кхола, сингаттаме
Кхоьссина доьду хаьштиг санна – сиха, маса
Кхоьссина тIелатийча санна – шуьйра, ведбелла мара
Кху дуьнентIера йоцуш /в, б, д/ санна – лела, ца кхета, бала ца хила; наха хIун леладо ца хууш
Къайлах мах бина зуда санна – ладоьгIу-уш, йогу-уш
Къанделла зуд санна – тешаме, муьтIахь
Къанделлачу жIаьлин санна – голаш иэго
Къанъелла говр санна – набарна хьегIаш, сиха /атта/ гIеллуш
Къен лулахо санна – юьхь кхоьлина, оьгIазе; сий до-цуш; новкъа
Къечу невцо баьхьна там санна – къен пал
Къийвелла муьжги /совдегар/ санна – шира таьптарш кего волавелла
Къолана къу санна – цхьа хIума дан тIера, деш сакъе-ралуш; говза, муьтIахь
Къу-берзан буьйса санна – бодане, ткъорше, шийла
Къуйн кхерч санна – бохам бохьуш, жирга; кор-неI маьрша доцуш
Къурдйоьлла котам санна – вусавелла; чохь виса; го-нах хьийзаш, берашна тIехь Iуналла деш
Къола дан воьду къу санна – гIар-тата йоцуш, болар лахдина, ког бай-йн боккхуш
КIа диъча санна – къиза хьийзо
КIайн ангалин гIала санна – хаза
КIайчу куча тIехь хьоькх санна – къаьсташ, гуш
КIант санна – товш, вухавелла /къонвелла/
КIац санна – кIайчу басахь; кIохцале, шийла
КIегаш тIехь нIаьна санна – сацар дайна; ирах /чу/ кхиссалуш
КIезий дIадаьхьна нана-борз санна – готта хьовза, дог доьхна виса; дера
КIирнах латоза пеш /латозчу пешо/ санна – шийла; йохъяла ца туьгуш; кIур туьйсуш
КIора кегийна гIаж санна – кIарула-Iаьржа
КIудалан бертиг санна – шуьйра, ирча баттт
КIур байна керт санна – еса, къухала а яхна
КIур байна кхерч санна – беса, шийла
Лазийна /гIогI/ тIам санна – олла а белла /бина/; текхо
Лайшка санна – лерам боцуш; кIоршаме /ала, хьажа/
Ламаз доьхкуш санна – ши куьг лере дахьа /даьхьна/
Ламанан бохь санна – геннара гуш, лекха
Ламанан тарх санна – онда, зоьртала; хьиер доцуш
Лам санна – кура, лекха, онда, нуьцкъала
Лам тIе кхоьссина /баса доьгIна/ жIоммагI санна – га-ра, дукъ тIедаьлла мара
Лам /хен/ такхийча санна – гIелвала, хIотта
Лам хаьрцаш санна – гIара, гIовгIа яла; гIугI дала
Ламан агIо ша болуш санна – шех бIобулуш
Ламанца угIу гила-борз санна – йорт кхехьа; дера угIа
Ламанца лан доцу гила дин санна – ца тарлуш, ца ме-гаш
Лан даккха санна – къиза хьийзо
Лар толлу жIаьла санна – тIаьхьаваьлла, тIаьхьа лела; кхерста
Лар ца юьту къу санна – говза, ларлуш; похIме
Лам тIехь бустийна Iахар-етт санна – тIех верстина;
нисъелла жеро
Латта лазорна кхоьруш санна – бай-йн ког а боккхуш
Латтий, стигаллий санна – вовшашна генахь, иэн ца туьгуш
Лачкъаза дисна гIам санна – шениг дита ца луш, къай-ладахьа хIилла ца тоьуш; тап-гIам
Лаьтта бухара ваьлча санна – цIеххьана /мичара волу а ца хууш/
Лаьттах /дIаийча/ дIалетча санна – вогIавелла, меттах ца волуш; лаьттах иэвелла
Лаьхьа гича санна – жирга, дегаза; воха
Лаьхьана хьалха пхьид санна – воьхна, ян дуьхьало йоцуш
Лаьхьан санна – буткъа чIапа-беха корта, дIаьвше мотт
Лаьхьан лар санна – хьийзаш
Лаьхьано лаьцча санна – чIогIа мохь хьекха
Лаьхьано пхьид санна – эшо, дIакхалла, вохо
Лекхачу попа тIе кIайн куьйра санна – хьаьвзаш тулгIа тIехаа
Лекъ санна – товш, куьцехь
Лерг датIо санна – чIогIа гIовгIа, гIара
Лерг лаьцна пхьагал санна – тийна-таьIна /карара ца валалуш/
Лергана нIаьна бича санна – къора; цахезчха-а
Лергина жий санна – ца товш, ирча, хатI доцуш хадий-на месаш
Литтина деши санна – цIена; хаза; механа деза, са цIена
Ло /луо/ санна – кIайн; шийла; кIеда, ховха
Ломахь лоьман санна – цIе йолуш, цIеяххана /фолк./
Лом санна – чукхоссавала; майра
Мазас боьхкина гIуркх санна – цхьа хIума моситтаза масийттана йохка
Малхехь ша санна – /атта, сиха/ баша
Малхехь /дижина/ Iуьллу цхьогал санна – сапаргIат, меженаш хецца
Малх санна – хаза, къегина; йовха /в, б, д/
Мангало кес /буц/ санна – моггIара охьадахка; хьаькхна охьадилла, дуккха а охьадилла
Мангало хадийна бецан хал санна – вай-йн, айалуш вожа
Мар велла /мечиг/ зуда санна – гIайгIане, куьйга корта а лаьцна
МаргIале кхевдина бож санна – когабуьхьар хIотта /латта/
Маре яха дагадеъна йоI санна – моханаш кхоьхьуш, дегабааме
Марзхой къарбина нус санна – мотт дIаьвше, къардай-на; тур текхаш
Мархин сахь даккха пурба доьхуш санна – аьхначу озаца, лераме
Мас-малик санна – тийна, ийна, эсала
Маха бахча санна – цIеххьана хьалаэккха, мохь бала
Маха байча санна – лерина лоьхуш
Махьарла бахна жин санна – шадерг кхочуш а хилла, зовкъ хьоьгуш
МаIа санна – лаьттах вогIавелла
Маьлхан нур санна – хаза, къегина, лиепе
Маьлха-Аьзни санна – хаза, товш
Мекха баьккхича санна – яккхий дера чевнаш, доьсту-нан тачанаш
Мекхан цергаш санна – яккхий, ира, хатI доцуш цер-гаш, кIомсарш
Мел велларг цIа веъча санна – хазахетта, кхаъ хилла
Мелчу хи чохь бедана санна – наб хьегIа
Мерах чуьйна гIуммагI оьллича санна – вас а хилла; олла а велла
Мерз багийча санна – ма-элли, дага ма-веъи схьахIотта, схьакхача
Мерз хаьдда пондар санна – аз доцуш, дIате
Мехкадаьтта тоьхначу пешара алу санна – цхьанна сиха чукхоссавала /девне ваьлла/
Меца бер санна – карзахе /велха, цIийза/, гIийла
Меца борз санна – ижуна аравала; угIа; дера
Меца жIаьла санна – дера; тIекхета кийчча
Мимин /Махьин, ПIилтIин/ зуд санна – хьайна, сацар дайна; эхь доцуш; хи санна нахаца лелаш
Мисарболато лахьийна хьостамий санна – жIуга йин-на, дуккха а цхьанаметта гулделла
Мисарболато маха санна – атта тIеозо
Можа бIагор /беъча/ санна – корта хьовза; тIехьийза
Можа гIа санна – леста, Iилла, дожа
Моз санна – мерза, хьаса болуш
Моза /мозий/ санна – тIехийша, гонаха хьийза, садууш; атта, дуккха а леш
Мозашна моз санна – еза
Мокхазан берд санна – чIогIа, шога; ца хьовш латта; зоьртала онда
МостагIо мостагIе санна – дIаьвше, цабезамца, ца кхо-ош ала /дов хьедан/
МостагIо мостагIчунна санна – топ нисса даг тIе хьа-жо, тоха; вен аьлла, са лоцце тоха
Мотт стиглах летча санна – /мотт сецча санна/ вист а ца хуьлуш
Мотт Iаьвшича санна – вист а ца хуьлуш Iен; юьхь чIичIе
Мох санна – маса, цIеххьана
Мохо зезаг санна – техко /дIасатехко/
Мохо ваьхьча санна – тIепаза ван; къайлавала
Мохо ловзо гIа санна – леста, дего
Мохо ядийна чуьрк санна – ян дуьхьало йоцуш; шен лаъмера ваьлла, цхьана ницкъо айина вахьа
Мохо яржийна мархаш санна – яржа, дIасадаржа
Мохк бегийча санна – гIара-гIовгIа яла; дуьне тахка; херцарш
Мохк бустуш санна – яккхий гIулчаш /яха/ а йохуш
Муж меллачу боршо санна – мара озо, мерах садеIа
Муж санна – мела /довха-шийла доцуш/
Мукадахка санна – ирча, зене, атта ца леш; могуш
Мукадехкан санна – дика могашалла; ира цергаш
Мусин гIожмаш санна – дукха
Муш тесна дуьгу шинар санна – лаца а лаьцна, дIавига
Муьста худар диъча санна – ши бIаьрг а мустбина
МIаьжг санна – юьхь лацаелла, чохь са доцуш
Набаран тар тесна Маьлх-Аьзни санна – йижна Iуьллу хаза зуда
Наж санна – чIогIа, зоьртала, онда
Накхармозий санна – гонах хьийза, тIехьийза
Нал санна – ницкъ болуш; чугIерта; верстина
Нана денцIера еъча санна – хазахета; кхаъ хила; хьал тодала
Нана йоцу бер санна – са ца къералуш, гIийла; декъаза
Нана маре яхча санна – хьал тоделла; воьхна
Нанас бер санна – доггаха хьеста
Нанас хьалхе векхчуьра ваьккхича санна – чета вир-зинчуьра юха ца воьрзуш; са меца
Нана-аьрзу санна – мор гIаттош, тIам баржжош чухьада
Нана цIа яре сатуьйсу бер санна – гIийла ладоьгIуш, сагатдеш
Нанна гонаха бер санна – го тийса, сакъералуш ловза
Нанна марчо эца вахнарг санна – атта, сиха, мел докк-ха а вон дицлуш
Нанна тIаьхьа бер санна – велха, тIаьхьаида, гIайгIане хьежа
Нахехь йиънарг санна – кхачаме йоцуш
Наьрт санна – нуьцкъала, онда, зоьртала
Невцалха воьдуш санна – лерина кечвала
Нелан кIомсарш санна – ира, онда /яккхий/
Нелан кIомсар такхийча санна – гIийла латта къеж-дан; /дегI доруш/ йоккха чов ян
Ненан везарг санна – ца лерича ца волуш; новкъа
Ненан некхах летта меца бер санна – тIелетта; сутара яа, мала
Несаршца текх къуьйсу марнана санна – нахала яла
Несе безам бахна марда санна – эхь дайна; сий дайна
Нехан санна – кхечеран санна, хила ма-деззара
НеIар юккъехь бисча санна – бистина, ведбина /мара/
НеIаро пIелг Iаьвшича санна – мохь бала, мохь хьекха
Нитташа къовзийча санна – юхаэккха; ваго
НIаьна-кIорни санна – вуса а велла, чIогIа леташ; цIарула цIий а велла, чукхиссалуш
Обарг санна – цхьаъ-цхьалха /адамах, Iедалх къехкаш/
Озийна ваьккхича санна – оза, вуткъа-веха
Озийна пха санна – хецабала кийча; тасавелла
Олла баьхьна яй санна – сиха юха ян /марера цIа ян/
Онга Iуьйду шинар санна – цхьана метта ца соцуш
Орам боцу хутал санна – дIасаяккха, дIасаядо /атта/
Орцин Айза санна – кура, хаза, махкана а евзаш; хьал-таро йолчу цIентIера
Оьпа яккха санна – юха ца волуш, чувоьлла /къахьега/
Парталчу стеган /болар/ хабар санна – сих ца луш, меллаша
Пах санна – кIеда; шелонна я цамгарна сен а велла /юьхь-марш сен а елла/
Паччахьан йоI санна – кура, юхаелла; амалехь
Паччахьан нуц санна – кура, шадерг тоделла; лан ма-торру хала
Паччахь санна – кура; вазвина, вазвелла, кечвелла
Пелхьо санна – каде, тIахъаьлла; лакхе яккха каде
Пенаца ирахIоьттина пхьид санна – ирча, хатI доцуш
Пен санна – меттах дIа ца волуш; дуьхьал латта; кIайвала, бос хийцабала; шера
Пеша гIортийна цициг санна – юхагIерта, дуьхьалвала
Пийлан лергаш санна – даккхий
Полла санна – яй, тIома; дегI дайделла /лела, ида/
Поп санна – тайна, зоьртала, онда дух долуш
Пха санна – тасалуш; тIелетта; вулавелла
Пхи пIелг санна – бертахь, цхьаьна; дика вовза
Пхийттара ваьлча санна – къонвелла; дог тIома; дегIана тIахъаьлла
Пхора зуда санна – даима ежаш; дуьраниг езаш
ПхьегIаш чу кхевдинчу жIаьлина /жIаьлега/ санна – дов дан; бага леян
Пурстопах йисча санна – кура, гIире, девне
ПIелг а Iоьттина, яьккхича санна – ирча /хатI доцуш/ баттт
ПIелг санна – цхьаъ-цхьалха, ша; стомма
ПIенда /ийзош/ боккхуш санна – хала, озийна даккха; лазо, узарш дан
РагIу кIелахь санна – шийла; мох хьоькхуш
РаьгIнаш санна – мох лоьцу хенаш, накхош могIабинна
РегIан кока ва санна – Iаьржа-горга
РегIаца чубузу дашо малх ва санна – меллаша къайла-вала, дIаваха; хаза
СагIадоьхурган ахьарш санна – тайп-тайпана /кIайн, можа…/ иэдина
Сай санна – кура; корта аййина, дайчу боларехь, тайна
Сай лаьттах боьллина ча санна – кханенах тешна, дог токхе; оьхь-моьхь бохуш
Саллар санна – оза, гIийла, вуткъа-веха
Салтичун чоа санна – мокха
Сан говро вадийна валийча санна – везавеш
Сахиллалц хихкина говр санна – гIелвелла, дегI доьхна; хьацарх вуьззина /й, б, д/; хIотта
Са эца деана мулкалмовт санна – ца кхоош, къиза хат-тарш дан хIотта; тIаьхьара ца волуш
Саьрмикан бага санна – дIакхалла гIаттийна; цIе Iеттош
Седажайна хьаьжча санна – аьлларг нислуш, хиндерг ма-дарра хууш, схьаолуш
Селхана вича санна – цIодара; лела ца хууш, тIех цец-акъ; ца кхеташ
Селхана далийна нускал санна – кIеда, мерза, муьтIахь; хаза
Селхана хилча санна – дика дагадогIуш, дицдалаза
Сема йойна ворда санна – цIа кхача сиха йоцуш; текхо хала; бале /яьлла/ ваьлла
Сера дайна котам санна – воьхна дIасаида /гIовгIа якк-ха/
Сера /муш/ тIехула пелхьо санна – меллаша, лерина ког а буьллуш
Серий санна – луьста, чIогIа догIа
Серлонна тIегулло полларчий санна – герга гIерташ; хIаллакьхила
Силам санна – шера; Iаьржачу басахь
Сийначу бацалахь кIайн /цIен/ зезаг санна – исбаьхьа, товш; техка
Сийсара вича /дина бер/ санна – дог цIена; долчух ца кхеташ, къинойх цIена; дуьне ца девзаш
Сийсара хилча санна – дагахь латта, дика дагадан
Синметта /салоцчу/ топ кхетта цIен экха санна – гуора оьхуш, валаре вирзина; кхоссалуш вожа
Сир дожарна кхоьруш санна – лерина лело
Советан Iедал санна – къиза, харц, гена дер доцуш
Стелахаьштиго серладоккху дуьне санна – цIеххьана къага, йоккха серло хьада, яржа
Стелахаьштиг санна – маса, каде, гIаре
Стеш /теш/ диъча санна – цIийелла, цIийх юьзна баттт
Стигал, латтий санна – вовшашна генахь, бен-бен; ши-босса
Стигал тIекагъелча санна – герз дала, гIара яла /стелахаьштиг тоьхча/
Стигал этIош санна – гIовгIа, гIара
Стиглара /воьссича/ воьжча санна – мичара волу а ца хууш, хиллачух, долчух ца кхеташ
Стим санна – къаьхьа
Суна асара веъча санна – везавеш
Сурт даккха /доккхуш/ санна – леррина, вехха, цхьана-метте хьежа
Суьйлин бустам санна – къорза; чучча, гоман-чIоман
Тай тоьхча санна – нийса
Тамар тIе хиъна дахка санна – ирча, ца товш
Тевна даккха хиина котам санна – IаддаIа, хиъна Iа; чохь виса
Тезетахь лаьтта нах санна – яххьаш а кхоьлина, ойла-не, гIайгIане
Текхарг бижча санна – дера дилла, хьаша
Текхарго тосу чкъор санна – атта охьатаса, хIора ша-рахь хийца, хуьйцуш
Теркайистехь мох санна – хецавала /дуьхьало йоцуш/
Тиша неI санна – цIийзаш
Ткъес санна ¬– сиха, маса, сирла; цIеххьана
ТогIи чу таьIна чиллан дохк санна – кIайчу басахь, бамба /шура/ санна кIайн
Толаман байракх санна – айа, дIасалесто
Толлан гIа санна – вего, леста
Толлу жIаьла санна – кхерсташ; хIоьттина
Топ санна – цIога ирах а дахийтина
Тоьпара кхоьссича санна – сиха /ведда ваха-ван/
ТулгIеш тIехь хинкема санна – хьалий-охьий техка
Тум хьаькхча санна – цIанвала /цIена воццушехь/ гIерта
Туьро синтар санна – хадо /атта/
Тутмакхо паргIатоне санна – чIогIа сатийса
Туьйранахь санна – исбаьхьа, хила тарлуш дац аьлла хетарг /хилла/ хила
Туькана чохь санна – шадерг долуш, дукха хIума чохь хила
Туьппалг санна – горга, воьттина; лоха
Туьран дитт санна – ира
Туьха тесна пхьид санна – чукхийсалуш, кхиссавала
Туьш-туьппалг санна – ловзо /атта/, керча /керчо/
ТIадийна /яшийна/ котам санна – хих вешна, хиш Iенаш, месаш вовшах а летта
ТIай кIелахь санна – шийла
ТIай тIе гIортийна /гIортийначу бугIан/ бугIа санна – юхагIерташ; тIебаьлла ши бIаьрг
ТIам бойна /олхазар/ леча санна – гIийла, де эшна, гIатта ца луш
ТIамна кечлуш санна – юкъ ехка, герз схьаэца
ТIамтIера вогIуш санна – чевнаш а йихкина; дукха чевнаш йина; корта аййина
ТIаьхьа богIуш бIо болуш санна – дIаваха сиха, сихва-ла; иккхина ваьлла ваха
ТIе зуда ялийна зуда санна – са ца къералуш, дог доьхна
ТIелаца амал доцу бехк кхийдош санна – ца тан, дега-за
ТIеман арара эшаман кхаъ кхаьчча санна – дог доха; ца тан
ТIемаш девлча санна – дегI дайделла, айавала, атта, сиха ваха
ТIера ковст яьккхина моан хьокха санна – ворта а цIиййина; цIарула цIийвелла
ТIера цIока йоккхуш санна – лазо; мохь хьекха
ТIехула говрийн рема яьлча санна – хьешна, хьаьшна, дера диллина
ТIехула мекха такхийча санна – аьхкина, вуо, дера чевнаш
ТIехьажийнарг топ йолуш санна – кхеравелла; кхера-вала, вуоха
ТIехь дечиг даьккхича санна – дегI лаза; доьхна дегI
ТIехь йича санна – гIеххьа
ТIулгах кхетта ле аьрзу санна – кхетта, кестта вала
ТIуо биъна /шун бехдина/ цициг санна – аратаса, эккхо
Убар санна – елха, угIа; жоьра Iан
УргIал санна – веха, лекха
Урчакх санна – хьийзаш; хьовзо, хьийзо
Урчакх тIе эханг санна – тIехьерча, тIелиста
УьнтIе хаьхкина кхоьаш санна – даржа; дукха
УьстагIашна юккъе иккхинчу барзо санна – даржо, дохо, зен дан
УьтталгIачу гонна йоьду говр санна – хIотта, гIелвала, кIадвала /чIогIа/
Уьшала йижна гомаш санна – хаттах юьзна, гIадъяхна; меттах ца хьовш
Ха дойна хьайба /газа/ санна – астагIа лелхаш /болар/
Харцхьа яьккхина кетар санна – юхамIаччара; ирча
Хахка кечйина говр санна – оза, куц-кеп оьзда /буто/ долуш; дIаэккха кийчча
Хаьдда туьтеш санна – /Iаьнна/ даржа
Хела йоI /йоI-йиша/ санна – коча; лала а лелина; хаза
Хен такхийча санна – чIогIа гIелвелла; хIоьттина; лар йита
Херсин багахь пастин цастар санна – юьхьигаш ира ши мекх
Херх санна – дIа а, схьа а
Хецаделла жIаьла санна – кхераме, цIа верза ца туьгуш, кхерсташ лела
Хечех а хьаькхна, цIанйина балг санна – /тIуьска, кIунзал/ къегаш
Хи диллича санна – кхиа, сиха дегI даккха
Хий, даьттий санна – уьйр воцуш, барт хир боцуш
Хи санна – шортта,; дIаэха /шераш/; хецца нахаца лела
Хиндерг хууш санна – ала, цхьаъ дан, пайдаэца; сапаргIат
Хинна харш санна – карадо, каро; эша
Хих йолуш санна – коч уьйуш
Хих цIе яьлча санна – /воьхна-воханза/ маса дIасаида
Хи чохь бедо санна – ворта сетто; нека дика дан
Хи чу гIаж тоьхча пхьидаш санна – гIара ян, дIатен
Хи чу йоьллина наьрс санна – хаба а хебна; гужаме
Хи чуьра боккху чIара санна – веттавала
Хи чуьра хьалакхоссабеллачу чIеран санна – дегI дах-делла; дегI малхехь лепаш
Хи чу кхоьссина гIамаран цинц санна – къайладала, тIепаза дан
Хи чу Iоьттина /маккхал/ котам санна – яшийна /вашийна, тIадийна/; хих а Iийдалуш
Хиэ ваьхьча санна – тIепаза ван
Хола санна – ваьржжина Iан, онда, зоьртала адам хиъна
Iаш гича олу
Холанна бухара схьакъеддачу текхарге санна – вуон, резавоцуш, ца тешаш хьежа
Хорбазан бертиг санна – /сиха, атта/ схьаэца
Хорханаш санна – стиглахь кхозу седарчийн жIуганаш
Хорша еъча санна – вего /кхеравелла,оьгIазвахна/
Хотталара нал йоккхуш санна – озийна, хала яккха; къахьега; хала валла
Хохо бага ягийча санна – бага гIетто
Хуьнжар хаьдда хеча санна – охьайожа; сецо езаш
Хьагвеллачунна хи санна – веза-еза, оьшу
Хьайба /бежана/ санна – багахь мотт боцуш, дийца ца хууш; синкхетам кIорга боцуш; дIадуьйцучух ца кхеташ
Хьакхийн херсеш санна – дукха, боьха, боьхачу гIерташ
Хьами хьолтIера /веъча/ еъча санна – езаеш, куралла детташ
Хьаша санна – дика лело, дика тIеэца; къийлалуш хила
ХьаьжкIаш юккъе яьлла нал санна – паргIат яжа хIотта; гIадваха
ХьаьжтIера довда гIерташ санна – ши цIоцкъам хьа-лаида, дIасаида
Хьаьттана го лаьцна човкарчий санна – гоубинна; дукха
Хьеран тIулго хьаьжкIан буьртиг санна – ата, ахьа, атта аьтта дIабаккха
Хьерадаьлла жIаьла санна – ида, зуламе, кхераме
Хьерахь санна – гIовгIа; хIуьре, эвхьаза
Хьозан шура санна – каро хала; механа еза
Хьокха биттича санна – дегI доха, лаза
Хьоладайшна тIелата кечлуш болу обаргаш санна – кхеле хийша, лоха, меллаша къамел дан
Хьонка санна – дорах; кIуо; дарбане
Хьостам санна – вогIавала; вуткъа-веха; ира
ХьошалгIахь санна – вулавелла, къовлавелла
Хьостам бахана машенан чкъург санна – яссаяла, хе-баршка яха; юьйсинчохь ца лаьтташ
ХIетик-хIуьтик санна – тIаьхьий-хьалхий а даьлла, даима цхьаьна
ХIинцца вича санна – долчунах ца кхеташ, Iехон атта
ХIинцца пхийттара ваьлча санна – къонвелла, товел-ла; дегI дай
ХIирийн нехча санна – хьаса болуш; мерза
ХIож санна – боккха корта; боккха буй
ХIоъ /мукх/ кхачийна говр санна – корта а оллийна, балда а дусийна; гIайгIане
ХIупъаьлча стогар санна – дIабан, бан
ХIурлаIа мехкарий санна – хаза, испай
ХIуьрала /демала/ иккхина дахка санна – юьхь тIе дукха пудар-басар хьаькхначу /хенарчу/ зудчунна олу
Ца лаахь а, лууш санна – лаахь а, ца лаахь а
Цацанах хи санна – атта чекхвала, Iийдадала
Цаьпцалг санна – кхиссалуш; оза
Цел санна – шегахьа
Цергана ов тоьхча санна – юхь чIиччIашка ваха
Цецъяьлла эмкал санна – корта гара а баьккхина /хьежа/
Цициг санна – тебна /текхна/ тIеваха, гергаваха; мIараш иръеш
Цициг-жIаьлий санна – барт боцуш, гIоьртина
Цициго дахка санна – ловзо /атта/; атта лаца
Цициган кIорни санна – хаба а хебна, жимвелла,
горгвелла
Цициган цIога санна – кIур ирах баха; нисса ирах
Цкъа а лийр воцуш санна – кханенах тешна хила
Цхьаммо эккхийна валийча санна – вехьаш; сиха чу-эккха
Цхьаьннан керара ваьлча санна – сиха дIахьада, схьахьада
Цхьана нанас дича санна – тера
Цхьаъ санна – цхьабосса, шаверриг а
Цхьогал санна – мекара
Цу санна – атадала; гIоргIа; Iана
ЦIа ваха кечвелла цIеста пхьар санна – сиха кечам бина; шадерг шеца схьа а эцна, новкъа вала кечвелла
ЦIазам санна – цIийвала, цIечу басахь; мерза
ЦIарах мехкдаьтта санна – лардан
ЦIар тIе хьовзийна мезий санна – дIасауьдуш
ЦIарах санна – кхоьруш, ларлуш; ларвала
ЦIахь санна – эвхьаза, сапаргIат
ЦIеххьана самаиккхича, дIахеда гIан санна – сурт дан, сурт-бIарлагIа дIахада
ЦIе яьлча санна – маса, сиха /ида, дIасаида/
ЦIийдина хи тIедоьттича санна – хьалаэккха; чIогIа ваго; мохьбала
ЦIийдина эчиг Iоьттича санна – хьалаэккха, мохь бала
ЦIий меллачу аьрзунан санна – цIийбелла ши бIаьрг
ЦIога лаьцна цициг санна – мохь хьоькхуш, цIогIане
ЦIоган тIе ког баьлла моьлкъа санна – веттавала, дIасатохавала
ЦIоганах вакхийча /д, б, й/ санна – оза, гIийла; хесара
ЦIоз санна – дуккха а, дукха, шортта; оза
ЦIоькъалоьман карара баьлла сира сай санна – маса; са дадийна, лаьтта тIера айа а луш, дIаэккха
ЦIулла сара санна – вуткъа-юткъа-еха; цIен
Чан кIорни санна – ловзуш, харцхьа лелаш; нисвелла
ЧангIалкх санна – жирга цIийза
Ча санна – ваьлла; дера
Ченалахь вир санна – керча
Ченаца бер санна – ловза
Чета кIега боьжча /алу Iаьнча/ санна – дIасаида, букъ-ах каетта, кхиссавала, вуон мохь хьекха
Чиллахь делла жIаьла санна – гажа а гежна; къежа
Човхийна цициг санна – дIаэккха, араэккха
Чож Iуьйду жеро санна – гIадъэха, кIажъэха; мохь хьоькхуш
Чохь хьокха боллуш санна – охьа ца таьIаш, ца таIалуш
Чоэх хьаькхна шай /балг/ санна – цIена, къегина
Чуо яьтIча санна – мохь эха, мохь хьекха
Чурт санна – меттах ца волуш, цхьана метта латта
Чуьйнан гIуммагIнаш санна – цхьатерра; цхьатерра хатI доцуш
ЧIара санна – буйнара, карара шершаш; шершшина ка-рара вала
ЧIегIардиг санна – века /в, б, д/; тIома ловза
ЧIеран кIорнина санна – нека дан хууш
ЧIеро санна – дегI сеттош; нека дика деш
ШагатIулгаш /шагарш/ санна – шуруа-кIайн /цергаш/
ШайтIа санна – ма де боххург бен-м ца деш; чIогIа дуьхьалвала; къен /кхин къен хила йиш йоцуш/; ирча
ШайтIанаша эгIийча санна – къаьрзина, ваьржина, бос баьхьна, сибтах воьхна
ШайтIанна санна – хIума дагадан /хьан-хьанна а атта дага догIун доцу/
ШайтIан мох санна – цIеххьана, чене; букме
ШайтIан мохо нехаш санна – яржо, хьовзо
Шайхан коше санна – дукха нах тIехIуьттуш, гулбелла
Шала вина ши ваша санна – тера, бертахь, хьоме
Шалго тоьпан санна – яккхий, шуьйра мераIуьргаш
Шар мелла вир санна – гIадвахна, там хилла
Ша тIе хаьхкина гIулгаш санна – шортта, дукха
Ша тIехь шинар санна – когаш шершаш, хатI доцуш хелхавала
Ша /бадийна/ эцна воьдуш санна – сиха, саца йиш йо-цуш; ца соцуш
Шаьлтан дитто санна – атта хадо, цаста, яра
Шекаран бIелиг санна – кIайн, таза, мерза, сатарха
Шен бере нана санна – эсала /хьежа, вистхила/
Шен дохне да санна – лерина, дог лозуш хьежа
Шен йоI паччахье яхча санна – кураваьлла
Шен /дай-ваший/ мел вийнарг ас вийча санна – чугIерта, чIогIа цабезам хила
Шен нанна гонах бер санна – ловзуш, уьдуш, самукъа-даьлла гонах хьийза
Шен цIоганах кадетта даьлла жIаьла санна – карзах-ваьлла; сабIарзделла, холчухIоьттина
Ши эмгар санна – гIоьртина, барт боцуш
Шина аьттан шура санна – коча
ШозлагIа дуьнен чу ваьлча санна – ойланца мукъа; сапаргIат, хийцавелла; къонвелла
Экхана тебна иччархо санна – таба а тебна, Iалашо а лаьцна, меттах а ца волуш
Элана доьналла санна – оьшу /эша/
Элан зуда /сту/ санна – токхе дахар долуш, оьшуш хIумма а доцуш; кура; дика лело; юхаелла
Элан жIаьла санна – даима вижна, дилхалахь; дика хьоьгуш
Эла Закри санна – кура, оьзда, доьналла долуш
Эла-эпсар санна – кура, таза, товш
Эмалк санна – аьрха, каде
Эмза веллачохь Iайгаш /стаканаш/ санна – дукха
Эра бугIа санна – чугIерташ, онда, сецо хала
Эраша эккхийна пхьагал санна – хIотта а хIоьттина, готта хьовза /хьовзо/
Эрначу арахь санна – цхьалха; меттиган къелла йоцуш
Эсашна юккъехь шинар санна – ца товш; къаьсташ
Эсаро лестабо /техкабо/ куьйса эрз санна – техка, лес-та
ЭттамаьIиг санна – хьаьвзина-хьаьрчина
Юкъ лергина шинар /уьстагI/ санна – ирча, ца товш
Юрт йоккхуш, кхосса йитина йоккха топ санна – ле-рина тIаьхьа теттина, цхьана денна аьлла дитна; деза
Юх хьайна жеро санна – зуьдалла лелош, зуд хьоькхуш
Ю Iоьттича санна – кхоссавала, цIеххьана хьалаэккха
Юьйлина топ санна – эккха кийча; кийчча; кхераме
Яй тIе пах санна – каде, жигара, хIайтъаьлла хьийза
Якъаелла неIармача санна – ирча баттт
Ялкхан тIе яьлла нIаьна санна – кура дог-ойла йолуш
Яшийна /котам/ гIаз санна – вегавала; оллавелла; вешна /ешна/, лашка а ваьлла
Яьлла цIе санна – сиха
Iад санна – вула; вулавелла
Iай дина охана санна – къорза /кIайн-Iаьржа/
Iай кхетта малх санна – даго тIеоьцуш; шеца йовхо кIезиг йолуш
Iаьвдина йоьхь санна – оза
Iаьвла Iахарий санна – хаза, тайна, чкъор ховха /чкъор кIайн/, къона зудабераш
Iаьнан буьйса санна – еха, шийла
Iаьнан мох /дегI/ санна – шийла
Iаьнан садеIар санна – цIена, Iаь а гIуьттуш, шийла
Iаьнера баьлла Iаж санна – мерза, гужаме
Iинах боьду тIулг санна – саца амал доцуш, ца сацалуш
IиндагI санна – тIаьхьара ца волуш
Iин чу хьаьдда Iовраш санна – гIаре, ян дуьхьало йо-цуш; сацкъаре, соппаре
Iовдалчу акказин кIохцал санна – ира, деха /беха/
Iодара ваьлча санна – сиха, маса
Iуьйренан тхи санна – цIена, бес-бесара бос богуш
Iу воцу жа санна – даржа, барт боцуш, хIора ша-ша
(с)Нохчалла, Л.М. Ибрагимов, 2005г.