ЗАНЯТИЕ 31 ПОВТОРЯЕМ ПРИЛАГАТЕЛЬНОЕ — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Самоучитель чеченского языка

ЗАНЯТИЕ 31 ПОВТОРЯЕМ ПРИЛАГАТЕЛЬНОЕ

1. Определите в ниже следующем тексте относительные, качественные, притяжательные прилагательные, укажите в скобках их падеж. Перепишите их в свои тетрадки.

2. Поставьте в именительный падеж прилагательные из этого текста, определите их согласование с именами существительными. Подчеркните их суффиксы.

3. Измените все выписанные имена прилагательные по степеням сравнения. •

4. Просклоняйте по падежам: гІийла мох — слабый ветер, баьццара аренаш — зеленые равнины, Бештон говр — лошадь Бешто, стиглара мархаш — небесные тучи, шера аре — равнина, говран йора дегІ — поджарая лошадь.

5. Определите типы склонения прилагательных, образуйте от них самостоятельные прилагательные, подчеркните суффиксы имен прилагательных.

6. Просклоняйте: гІийланиг — худой, баьццарниг — зеленый, стигларниг — небесный, шераниг — плоский.

7. Выпишите из приведенных слов классные прилагательные: майра, кІайн, воккха, цІен, деха, лоха, декъа, лекха, деза, говза, цІена, хаза, стомма, шуьйра.

8. Образуйте от приведенных слов прилагательные: бад, говр, Іаж, барз, корта, лам, хІорд, колхоз, парти, кортош, гезарий, гІезаш.

9. Сделайте полный морфологический разбор прилагательных текста 2.

Малх делкъал дикка тІехъиккхинера, цо соьналла яйъина меттах а ца хьовш лаьттачу стиглара мокха мархаш евдда гуш яцара. Баьццара аренаш, малх Іаьткъина, тІехулара мажъеллера. Кху шерачу арахь лаьтта кІай, муккхий, буцций гІийла хьоькхучу мохо, дикка хьаьжча къаьсташ, лестайора. Царна тІехула наггахь гуш хьийзаш чуьркийн вай а дара. ХІара аре кхачалуч-чуьра аьрцнаш, генна хиларна кегийра а, Іаьржачу басахь а гора. ХІара аре шина декъе екъна Іуьллучу некъа тІехула, дикка хьаьжча къаьсташ, геннахь цхьа-ши гІаларт а гора.

Дукха хан ялале и ши гІаларт гучуделира, и шиъ — Бештой, Бетий вара. ХІара шиъ, хьалхаяларех къуьйсуш говраш хаьхкича санна, чехка вогІура, говрашна хьацар чІогІа даьллера. Амма Бештон говрана хьацар къаьсттига чІогІа даьллера, кІотарахь беро а и хехкарна. Цунна даьлла хьацар, кІайчу чопане дирзина догІура.

ХІара шиъ, кест-кеста шайн гІонжагІехь дохкучу вертанех куьйгаш а Іуьттуш, куйнаш охьа а теттина, вовшашна тІеттІа таьІІина вогІура, говрийн кхесийн даххаш чІе чІенгаш йохккуш, бертал а вахана.

Бешто шен говр чехка яхарх ца Іебара, кхо юкъ-юкъа го-лашца шен говран йора дегІ Іуьйдура. Кхуьнан кийра цІе яьл-лера шаьш новкъа ваьллачул тІаьхьа, шега Бетас нана цамгар-на гІелъелла аьлчахьана.

С. Бабуев

Ленинан Октябрь

Заманаш, къанделла

ГІуллакхаш хийца, •

ДІадаьлларш, тІехиндерш

Халкъашна дийца,

Лакхарнаш биссаба,

Лахарнаш айба,

Бакъоне некъ гайта,

Харцонаш яйа,

Дай Іамо,

Вай Іамо,

Хинйолу тІаьхьенаш Іамо,

Хиллера дуьнен тІе

Ваьлла вайн Ленин!

Дерриге дуьненахь,

Ерриге хенахь

Ницкъ болчо ницкъ боцург

Іазапехь валлор

ДІадаккха йиш хилар

Ца хеташ генахь,

Вайн кхоллам паччахьо

Шен буйнахь баллор

ДІадаккха,

Ткъа тІаккха

Дуьненна гайта и, лаккха

Октябран байракх ву

Айбинарг Ленин!

Октябрехь болийна

Вай махкахь къийсам

Халкъашна ленйоцу

ПаргІато яккха,

Хийла мохк бу иштта

Октябран къийсам

Шайн цигахь бан Іемаш,

Халкъ маршадаккха.

Кхоьллинарг,

Кхиийнарг,

Кхиоерг Компарти, —

везнарг —

Хилла ву, волуш ву,

Хир а ву Ленин!

БІешераш хьалхарчу

Римера дуьйна

Вайн хене кхаччалца

Пачхьалкхаш, хьовса,

Историн агІош тІехь

Шу герга юьйла,

Халкъашна цхьабосса

Ирс далар къовса!

Хилла бац,

Хир а бац,

Тхан некъал нийса некъ хир бац!

Октябрехь ирсан неІ

Йиллинарг — Ленин!

Батта тІе тоха-кха

ЖІов-маьрсан байракх,

Ленинан, Октябран

Безамна аьлла,

Тоьург хир яцара

Ламанийн гІайракх

Дагна ма-лаъара

Памятник ялла!

ТІам тоха,

Мохь тоха,

Сан стих, ахь: йиш яц хьан Хьо йинарг, ницкъ белларг — йоха, Октябрь — Ленин!

/. Мамакаев

Оставить комментарий