Вахи оьздингаллех лаьцна дийцарш — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Примеры проявления Нохчалла

Вахи оьздингаллех лаьцна дийцарш

Адамалла

Т1аьххьара т1ом болуш Г1алмакхойн махкахь дара и. Цхьа нохчо вара цхьана юьртахь кафе схьайиллина рицкъа даккха г1ерташ воллуш. Даьхний лелочу точкера нохчочо Муслим ц1е йолчу ц1ера Майртуьпарчу жимачу стага чабана юхалург ахча дехна и деллера цо цуьнга. Дикка хан яьллера и ахча Муслимас схьа ца луш, х1окхо кхин ца хьахош.

 

Цхьана дийнахь веара Муслим:
— Деллахь, Ваха, Элиста ваханера со, хьоьгара юхалург ахча а даьккхина. Цигахь вокзалехь цхьа нохчийн зударий нисбелира суна, т1амах бевдда баьхкина. Уьш Волгограде д1абаха г1ерташ бара, ткъа билетана ахча ца тоьура церан. И хьоьгара даьккхинчу ахчанах царнна билеташ а эцна уьш новкъа бехира аса. Йоккха юьхьк1амо хили суна оцу ахьа деллачу ахчанах. Мелла ахча декхар вара со хьуна?
— Хьо суна цхьа кепек а декхаре вац. Кхин соьга и ахчанах х1ума ма хьахаелахь, суна халахетийта ца лаахь, — аьлла дерзийра Вахас.

Лулахо

Г1алмакхойн махкахь 1аш волчу Вахин лулахо яра цхьа йоккстаг. Цхьана дийнахь б1аьстенан юьххьехь оцу йоккхачу стеган х1инцца кхиина дог1уш долу цхьа котаман к1орни деънера Вахин кертарчу ц1азамашна юккъе. Вахас д1акъахко тоьхначу г1ажах, ца товчу а кхетта, далар хилира к1орнин. И к1орни а эцна вахара Ваха лулахо йолчу и цунна гайта. Йоккха стага корта а ластийна шен къахетар гайтира, амма кхин дов ца хьендира. Цул т1аьхьа дикка хан яьллера. Шен Элистара баккхийра к1ентий, йо1арий, берийн бераш а даьхкина хазахетта йоллура лулахо йоккха стаг. Юург, мерг а оьшур ю-кха цунна — аьлла, керта а вахана тоьллучех схьалаьцна борг1ал а эцна вахара ваха лулахочун уьйт1а. Йоккха стаг ца кхеташ лаьттара, борг1але а хьоьжуш. Х1ара аса б1аьстана юьххьехь хьан дийна к1орни ду… цуьнан метта, — кхетон г1оьртира Ваха. Йоккха зуда кхийтира эххар а, дицделла ца хиллера цунна шен к1орни. — Аса бусалба 1едалехь урс хьакха мегар дуй х1окхунна аьлла, пурба а даьккхина, оьзда урс а хьакхина д1аелира Вахас борг1ал. Кхин х1умма а хьайна эшахь, эр ду ахьа, лулахо, — аьлла.

(с) Нохчалла.com, прислано посетителем нашего сайта

Оставить комментарий