Эльмурзаева Зина — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Биографии на чеченском языке

Эльмурзаева Зина

elmurzaevaEЭльмурзаева Зина Ярагиевна – пондарча, эшаршлакхархо. Ц1ера Лаха – Неврера «Вайнах» ансамблехь болх бина ю. Цо д1аолучех ю «Дитийша эладитанаш», «1аьржа б1аргаш», кхийолу халкъан эшарш. Шен дешнаш т1ехь мукъамаш дохуш эшарш локхуш ю иза. Ц1еяххана вевзаш волчу Нохч – Г1алг1айн Сийлахьчу артистана Шаипов Са1идина сцени т1ехь ша цхьаьна болх барна доккха дозолла хеташ яра.

Эльмурзаева Зина йина 10 – чу декабрехь 1959 ш. Надтеречный районан Невре юртахь. Дукха жима йолуш дуьйна нохчийн халкъан эшарш гулъеш, уьш ша йоккхачу корматаллица локхуш ю Зина. Эшарш лекхна ца 1аш нохчийн пондар дика карабирзира цунна.

1984 ш. «Вайнах» ансамбле пондарча болх бан йог1у Зина, иштта концертни программехь эшарш локхура цо 1987-шо кхаччалц болх бира цо хелхарийн «Вайнах» ансамблехь.
1987- ш Пачхьалхан «гр. Илли» ц1е йолу филармонин юкъа болх бан йоьду иза, Сулиман Такаев куьгалхо волчу группе. Ша йиш лакхуш хилар совнах, Вайн нохчийн филармонера иллиалархошна т1ехьара пондар бала бора цо. 1988-ш кхаччалца болх бира Зинас «Илли» ц1е йолу группехь.

1989 — ш Х. Нурадилов ц1ерах йолу, Хакишев Руслан куьгалхо волу Пачхьалкхан Драматически театре йо1у Зина. 2003-ш кхаччалца цигахь болх бира цо.
Эльмурзаева Зинин репертуарехь дуккха нохчийн халкъан эшарш ю: «1аьржа б1аьргаш», «Эладитнаш», «Дашо ч1уг», «Даита вайшинга х1ар маьлха дуьне», «Соьлжа г1ала», «Са б1аьргаша лоьху хьо», «Паччахь», «Винчу денца», «Хаза к1ант», кхин дукха а. Карарчу хенахь шен корматалла кхин а лакхайоккхуш болх беш ю Эльмурзаева Зина.

Оставить комментарий