ЦIаверзар — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Адам Ахматукаев

ЦIаверзар

Ма, кху агIор схьахьажарх а ларлуш,
Генахула вийлинера тIех со.
ХIинца ас хьан кетIа еъна лар а
Когийн айраш даго хьегIачех ю.

Хьайнна бисна тIаьхьабисна бала,
Хьаша ву хьо дайх йисинчу кертахь.
Гена-генахь ахь йитинчу гIала
Хьан ойланийн тулгIе юхакерча…

Хьох белахь а, махьарх  боцу доьзалш
ДIасабаьржи, хедош хьоьца уьйраш.
Кхачадели хьан дуьненан дезарш,
Цхьа а воцуш екъа хьоьца пхьуьйре.

ЦIехьаверзар нисдаларна гIийла,
Наха хьуна жолам хьежадахь а,
Хьоьга сагIин салам кховдиний бен,
Сайн чуверзар хеташ вац-кха цIахь со.

Ткъа, кху агIор схьахьажарх а ларлуш,
Генахула вийлинехь а тIех со,
ХIинца ас хьан кетIа еъна лар а
Делан дуьхьа шайтIа къардинчех ю.

 

Адам Ахматукаев

Оставить комментарий