Нохчийн маттахь — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Адам Ахматукаев

Нохчийн маттахь

…Ас юха а сайн къамел дIадийр ду,
Къайлакхоьхьуш логах дуьйлу къурдаш.
Ас доIа а ненан маттахь дийр ду, 
ТIегулбина нохчийн меттан мурдаш.

Iехош Дала хьаналдинчу декъах
Тхайн синошна чукIаргделла даьIнаш,
Токхур оха къоман сийлахь декхар,
ЮьхькIайн лоьхуш нохчийн меттан маьIна.

Кхеташ дуй тхо-м: тIера чан дIаэцна,
Тептар санна, юхакего боло
ТIаьхьалонна дIабиллалуш бац и,
Буьйцуш хилар – и бу цуьнан толам.

Цу кхетамах, дарба санна, ийна
Безачарна лезна и цабалар.
Цунах кхета тIаьхьависна Iийнарг,
Орцахвалий, тхуна юххевала.

Къилба тило хьийза бода хьаьъча,
Гур ду вайна, некъ вайн нийса хиллий.
Маьршадохуш даг чу хьийза кхаьънаш,
Аьр вай тIаккха нохчийн коьрта илли!

 

Адам Ахматукаев

1 комментарий

Оставить комментарий