Йилбазийн бIо — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Адам Ахматукаев

Йилбазийн бIо

ГIиллакхийн хоршара къаьхкина,
Нахала бевлла цхьа бехкамаш
Эвхьаза суна тIе керча.
Цара, ца кхеташ сан кхетамах,
Шеца, цхьа деккъа догъэтIар бен,
Ларйоцу некъ бо сан кертахь.

ГIовгIанаш уьду цу некъаца.
Цаьрга ладоьгIуш, са деха сан,
Ченан дохк йижаре хьаьгна.
БIарлагIех сибат ца хIотталуш,
БIаьрса а – гIиртина, хIоьттина –
ГIеллуш ду, ченаша аьгна.

Цуьнан къа дахна хир къила сан –
Лерса ду хьалхачул ира сан,
ТIех лайна гIовгIанийн гIовгIа.
Цара цхьа кхайкхамаш кхайкхабо:
ДоттагIех тешаме айкхаш бо,
Вежарех – дуй биъна довхой.

МостагIца гIиллакхаш леладеш,
Къуца а гIиллакхаш леладеш,
Йилбазийн бIо бу те стамлуш?
Ца лууш царех дIатарвала,
Ниййат деш со-сайх а ларвала, 
Халбата  хаа са кIамлуш,

Ас, оцу гIиллакхех къаьхкина,
Бух-кIорга каш сайна аьхкича,
Суо оцу буха дIатилча,
ТIаккха а хоьттур ду беламе: 
«Дахар, хьан бакъ мичахь лела те,
Дууш дерг харц дуьне хилча?»

 

Адам Ахматукаев

Оставить комментарий