Куьг кховдор, мараэккхар — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Обычаи и традиции

Куьг кховдор, мараэккхар

privetstvie

(статья на чеченском языке)

Iилманехь билгалдаьллачех ду, кхечу хIуманашна тIехь а санна, дегIан чарх экама хиларца къаьмнаш вовшех къаьсташ хилар. Цхьадолчу къаьмнийн Iедал ду вовшашца къамеле ваьлла ши стаг хилча, ша аьлларг тIечIагIдеш, цхьаъ вукхунах хьакхавала везаш. Цул сов, къамел деш лаьтташ волчу шинна юккъера меттиг а лараме ю. Масала, итальянцийн къамел дечу шинна юккъехь 45-50 см. хуьлу (комфортабельное расстояние олу цунах). Цаьрца къамел тасаделлачохь хьо дIахилахь, царах волу стаг хьуна тIе хир ву (цара дош ца алар дагалаьцчи, уьттазза куьг ца ластош, юхавалар сих-сиха нисло). Американцийниг I м. гергга хуьлуш ю. Нагахь цунна хьо тIехилахь, иза юхавер ву.

«Ванах, къамел ма чIогIа мохь бетташ до-кх аш», олий цец волуш вайдолчу веана хьаша кIезиг ца нисло. Цуьнан бахьана, вай лакхахь хьахийначу хабаре тасавеллачу шина стагана юкъахь хила езаш йолчу юкъаметтигах (расстояние) доьзна ду. Ткъа иза ялх гIулч ларалуш ю. Цундела, «ты меня уважаешь?», бохучу кепара латтахь а, 5-6 метр генахь, я дуьхьал лаьттарг къора волуш санна йолу къамел деш волчуьнан кийрара Iаь. Ишттаниг миччанхьа а ган тарлуш ду.
Цуьнца цхьаьна тахана нислуш бу хьо мел дIа гIертарх, ша дуьйцург мерах-мара тухий бен ца дуьйцуш берш а, я муьшка ца йича хьуна наб кхетарна кхоьруш санна, хIора дош моссаза олу ворхIазза куьг ца Iоьттича, са ца туьйш берш а. Вайн дайша маьттаза леринчарех ду уьш. Делахь а, иштта Iедал долуш бу-кх цхьаберш. Iаьнарх Iаь хьерчаш хабар дийцарх а, вовшех хьакхаваларх ларлуш а вайн дай лелла хилар боккъал а бакъдерг ду ала йиш ю тахана. Дага лацал куьйге вахийтаран маьIна, цуьнан чулацам. Йоккха тIаьхье йолуш, доккхачу декхарийла вуллуш гIуллакх хилла куьг далар. Вовшашка куьг далар тIаьхьа бен юкъадаьлла дац вайн дайшна. Маралелхар-м гуттар а дастаме хIума лоруш хилла, ислам дин юкъадогIуш, «вирдан вежарий» боху кхетам баьржича бен юкъадеана а дац иза.

 

Тамашийна хетадала тарлуш делахь а, вайн дайшна дика хуучарех хилла-кх, вовшийн маралелхар-м, хьовха, куьг далар а, вовшашна улле гIертар дуьйцур дац вай, сина-дегIана вуно хала-бале гIуллакх хилар (гигиена бохург а хьеха ца до вай). Тахана Iилманчашна гучудаьлла ши стаг вовшашна маракхетачу хенахь цу шимма вовшашкара ницкъ-гIора дIаоьцуш хилар. Туьйранашкахь делахь а, шех хьакха вел-веллачуьнгара иза цIубдечарах вампираш олу.

Нохчашна юкъахь лелаш куьг кховдоран а, иза дIалацаран а хIоьттина яьлла кеп ю. Юккъехь ши гIулч йиссинчу хенахь кховдадо салам деллачо куьг, геннара куьг кховдийна тIегIертар, осалчу аматех лерина ду. Бакъду, хьаькамо иза дарх, цунна бехк ца буьллу, мелхо а дог дикаллин, адамаллин гайтам лору, хIунда аьлча, ишттачу (даржехь болу нах бу буьйцурш) стаган улле гIерташ, цуьнан тидам шайна тIебахийта гIерташ, уьш совцон, куьг лаца гIерташ нах хуьул. Цу тIе, вай лакхахь ала а ма элира, дарж долчо, алсамчу хьал-бахамах хIоттавеллачо, ницкъ-гIоранца тоьллачо салам далар а, куьг кховдор хьалха дан деза аьлла. Иза иштта хIунда хуьлуш хилла те, аьлла тIаьхьакхиа гIоьртича, гучудолург цкъа делахь, иза «лай» ву, цунна иза дийнахь-бусий дагахь латта дезачех ду. Цунна иза дагара даьлча, дагадаийта дезаш лору. ШолгIа делахь, цуьнан ницкъ-гIора, хан цуьнан шен долахь йоцуш лору. И кочахь долу дукъ хала а, деза а хиларх массо кхеташ хила везаш хIума ду. Цундела иза вогIуш-воьдуш тIенисвелча, ша тIевеана, цо шена хьоьгара оьшург схьааллац (шен эшамаш хьалха а баьхна, тIегIертар хаза ца хеташ) иза Iадда вуьтуш хилла. Нохчаша, чолакха вацахь, куьг дIа ца кховдадо, дIа а ца лоцу дихкинчу доьхканна лахахь, голехь саттийна а ца хуьлу.

Го бина лаьтташ болчу нахана тIекхаьчначохь, я чохь болчарна тIехIоьттича, нагахь санна дIакховдош долчу куьйган пхеа пIелгал уьш сов белахь, хIоранга а шег-шега куьг кховдорах кIелхьара волуьйту тIевеънарг. Нагахь санна, бухахь берш пхиъ, я цул кIезиг белахь, воккха вуй, хьаькам вуй бохуш го ца цоьстуш тIенисвеллачуьра аьрру агIор аьтту агIор (аьтту белш хьаха йоккхуш) куьг луш чекхвала веза. Нагахь чохь хилча, баьрччера волало.

Вайн дайшна оьзда ца хеттехь а, тахана лелачарах ду мара-мара веттавалар. Мацца а цкъа иза юкъара дIадер долуш-м ду (масала, США-хь иза юккъера дIадаккха Iалашо йолуш ткъех шо хьалха юкъаралла кхоьллина вайна юкъара а. Нис-м ло мара ца кхетча ца волуш меттигаш (зударшна мара лелхар-м хьехочохь дацийца). Делахь-хIета, воккхачуьнан аьтту пхьарс хьайн белшана тIехула а болуьйтуш, хьайн аьрру бесне цуьнан аьтту белшах (хьайн Iаьнарца цуьнан Тарам-малик меттах ца доккхучу кепара) хьакхайолуьйтуш охьа а таьIна, эккха веза мара.

(с) Саид-Магомед Хасиев для Нохчалла.com

3 комментария

  • Дела реза хуьлда Сайд-Мохьмадна а, х1ара сайт лелочарна а! Вирдан вежарша юкъадалийна г1иллакхашший, заманан йохалла лардина къоман ваддий дуьхь-дуьхьал нисделча, 1адаташкахьа оьзнарг динна дуьхьал ваьллачух а туьдуш, «имане» баьхкинчу кегийрхошца къамел дан хала делахь а, сих-сиха ийа дезаш х1уманаш дара х1орш. Мара лелхарна т1ера волчунна т1аьхьа а х1оьттина, тезетана т1евахар г1айг1а хуьлу суна. Иза бухарчарна мара а кхетта, хьо т1аьхьа сацахь, хьо г1иллакхах воьхнарг лара тарло, иштта хеттал бен, къоман г1иллакхех кхетам боцучарна.

  • Попробую передать приблизительный смысл текста в нескольких словах, для чеченцев, которые не читают на родном (никогда не думал, что скажу такое). Уважаемый Саид-Магомед Хасиев говорит нам, что в наших обычаях нет обниманий при встрече. Даже рукопожатие имело свое значение в каждом отдельном случае.

Оставить комментарий