Пхьоьг1а — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Обычаи и традиции

Пхьоьг1а

phog1a

Литературан меттан низамца «пхьоьха» аьлла яздан догIуш дара кхузахь. Амма маьIне диллича, орамашка хьаьжча, лелла некъаш теллича, вай лакхахь ма-яздарра нийса ду. Дуьненчуьра массо а къам чекхдаьлла цхьацца нашан кхиаман тIегIенех. Царех цхьаъ дуьнена Iилмано къасторехь, матриархатах – патриархат къаьстинчу хенахь лелларш ду. Ткъа цхьацца долу дуьненчуьра къаьмнаш цу тIегIанна хIинца а гена довлаза ду. «Мужской союз» олуш къайлаяьккхина тоба хуьлу церан. Бисинчарна цара лелориг, дуьйцург хаа йиш а яц.

Цхьа хан-зама яьлча, мелла а амалш малъелча (не в смысле ослабли, а приобрели человечность) юьртана юккъехь, церан бен цу чу ког баккха йиш а йоцуш, доккха цIа (гIишло) хIоттадо божарша, Iилманехь «мужской дом» олу цу цIийнах. Цунах дисинарг ду вай «пхьоьгIа» олург. Кавказерчу массо а бохург санна, къаьмнашна юккъехь лелаш ю иза. Амма гуьржийн, ламаройн, вайн, гIалгIайн бен цIарца цхьаьна йогIуш яц. Цхьа тамашийна хIума а хааделла суна вайн а, гIалгIайн а цхьатера дош нисделча, юккъехь вовшийн барт бича санна, хIуъа дина а цхьатера ца хилийта гIерташ чучхара доккху. Масала, и дош вай хевсураша санна яздеш ду, гIалгIаша – хила ма-деззара. И тайпана масалш далон дуккха а долуш ду.

ПхьоьгIана баха бакъо ерш гIеметта хIиттина, юкъ йихкина, жималлах чекхбевлла, гIаролле бахийта а, хIитто а, пхьа хьарча а, чIир эца а йиш йолу нах бу. Дагалацал вайн зударий (тахана-м митингашкахь церан дош хьалха ду) пхьоьгIанахь дош догIуш бац.
Нагахь санна цхьа хIума юкъадаккха шайна лиъча, воьхий валавой, шайна хетарг довзийта цига векал хьажош хилла цара. Иштта цигахь дош ца догIу кхиазхойн а. Вайн гIад дуткъа далар бахьанехь, кху тIаьхьарчу масийтта бIешерашкахь, юкъяьстина болчу баккхийчеран дош лела доьлла цигахь. Амма хьалха а санна, чIиранна юкъа ца бохуьйтуш битина уьш нохчаша. ПхьоьгIа гIеметта («в возрасте воинов» эр дара оьрсийн маттахь ала дезаш хилча)имам Мансур волчу хенахь 2I шо лелла хиллехь – Шемалан заманахь I5 шаре охьаеана иза. 67 шо – «юкъ йосту хан» аьлла маца юкъадеана хаац. Амма дукхах болчарна моттарехь бусалба динца доьзна ду иза. Мохьаммад-пайхамар, Делера салам-маршалла хиларг, 64 шарахь ваьхна, цуьнан сийнна (нохчаша цунна тIе кхо шо тоьхна).

Цул а хьалха леллачу хенахь – юкъ йосту хан, цхьацца къедаршка ладоьгIча, 63 шо хиллачух тера ду. Бакъду, цул тIьхьа цуьнан герз-м хьовха, шаьлта ехка а йиш ца хилла шатайпана, вай хIинца бежана дуьйчу хенахь лелочух терра, доккха урс лелош хилла шаьлтанан метта. Тахана шаьлта – «кинжал» олуш йолчух чIабдар олуш хилла вайн дайша. Бакъйолу шаьлта ши чхо цхьана агIон тIехь йолуш хилла.
Баккъал аьлча, пхьоьгIа, тахана санна, эладитанаш дуьйцу а, кIезиг хIуманиш хьехон а меттиг яц. Цигахь дуьйцург, хьахориг, къасториг – нашаца догIушший, нашана кхочушдергий хилла. ХIунда аьлча, юьртан кхел цигахь еш а, кхочуш еш а, чекхйоккхуш а хилла. ПхьоьгIанан лараш хIинца ю вайн лаьмнашца. Цуьнан го – оьгIаз ваханчу стага йоккхуш йолу 6 гIулч хуьлуш хилла. Схьадуьйцуш долу бахьана, ша и гIулчаш йохуш оьгIаз вахана стаг ваставала декхар ду. Хьайн довхочунна тIекхача и гIулчаш яххал хан ю хьан. Оццу муьрехь ойла а яй, хьайн кийрара оьгIазло дIаяккха аьлла хинйолчу тIаьхьенна дина Весет хилла хир ду-кх иза. Нагахь санна сихвелла шаьлта яьккхинехь а, бехкен лоруш ца хилла юха иза батта йилларх (шаьлта баттар атта ма яккха, яьккхича иза цIийх ца кхоьтуьйтуш юха чу ма йилла) бохург бакъ долчу гIиллакхийн маьIна лахдала доладелча аьлла хиллий-те, бохуш шек ву со. Иза тухуш хилча а, дIонгIаз а волий, вен-ваккха тухуш ца хилла нохчаша (оьрсийн маттахь аьлча, «испытать соперника» бохург). Дагалаца: шаьлта кар-кара а луш тухуш хилар; шиннах осал волчо бен герз меттах доккхуш цахилар; шаьлта Iоттар – къотIалгIа винчуьнан дурс ларар и.кх.дI.

ПхьоьгIана тIевеанчо, тIехволучо салам луш ду. Луш хилла нагахь санна, бухахь берш гIеметта хIиттинарш белахь. Тахана санна куьйгаш кхийдош, вовшийн мар-мара оьхуш ца хилла юьртахой. Нагахь санна, бухахь берш юкъяьстина нах хилча, я уьш вукхарел сов хилча – салам далар аьрхо хIума хеташ хилла, баккхийнаш меттах ца хьебан. Тахана санна шайга салам хIунда ца делла бохуш, жиманиг хьийзош а ца хилла цара. Шаьш кхоош ца деллий хууш хилла цара.
ПхьоьгIана тIевогIург цIов билла марздина, суьйранна керта догIу хьайба санна, хахкалой тIевоьдуш ца хилла. Ша ду мехкан кост дохьуш веъна хилар, ша бахьана долуш къамел юкъах ца далийта, мел лаххара а кхузза соцунгIа хуьлуш хилла тIевеънарг.

ТIаьххьара а ала луург. Цхьацца йолчу ярташкахь, тIеванчунна пхьоьгIанахь стаг ца карийча, юьртана а эхь лоруш хилла. Масала, вай ара дахале Чечанахь сакъоьруш Iаш цхьа нах хилла. Шийла, чаьммаза буьйса хилла арахь ерг. ПхьоьгIа яьсса юьту ца юьту Куршлойн эвлахь, бохург хьахаделла церан къамелана юккъехь. ДIакхаьчча цига бухь стаг хир варий, вацарий бохучунна тIехь и тоба шина декъе екъаелла. Оцу къовсаман цхьа чаккхе лахаран Iалашонца, шина а декъах цхьацца говран бере хьажийна боху цу юьрта.

Шаьш дIакхаьчча, юьртан пхьоьгIане салам кхоьссина тешаш воцчо. «Ва Iалайкум салам, хIара ткъарш а гехь хьо аравалар лаа хуьлийла-м дац», аьлла, салам схьаэцна бухарчарах цхьамма. Салам кхоьссинарг юкъаиккхира бах хаттарна: «ВаллахIи, биллахIи лаа-м муххале дара хIара. Со туьнталг хилар хьалха а даьла, цо вадийна вохьуш вар со-м. Суна массо а дика динарг вар-кха хьо, нагахь, хала дацахь, хьайн цIе йийцахьа. ТIаккха со сихха дIагIур вар-кха!». Бухарчо: «чу а веана»… — боххушехь, шен дин юханехьа хаьхкинера, — бохуш дийцара, цу къонахчуьн цIе а йохуш, чечанхочо. Бухарниг Зама хиллера. Сан дагахь ваьхна стаг ву иза, вай цIадирзанчул тIаьхьо бен кхелхина а воцу.
Иштта леллий, хиллий долчу гIуллакхаша дукха хIума билгалдоккху, хьуна ца моьттучу агIор гIиллакхаш гойту.

(с) Саид-Магомед Хасиев для Нохчалла.com

Оставить комментарий