Хамзат Магомадов

Т1е кхечи суьйренаш тийна

Т1е кхечи суьйренаш тийна

Д1а яхи хаза и хан,

Тешаш хьоьх парг1ата 1ийна

Дагна х1ун хили те хьан…

Шовданан басешка сийна

Кхин цкъа ас кхойкхур дац хьоьга,

 

 

Х1инццалц ма аллара хийла

Эр дац кхи кхетахьа соьха…

Т1е кхечи суьйренаш тийна

Бовха вайн безам д1а бай,

Къастарца виси со г1ийла

Дахаран маь1на д1а дай…

 

Хамзат Магомадов.