Стих на чеченском
Де дийне даларх, кехат ца кхочуш,
Шо шере даларах, хаам а боцуш,
Кхочур яц хан-зама, тешна со воцуш,
Кхочуриг хиларх и, шеко а йоцуш…
Леланца ца яьлла, нийса кхиэл лелахь,
Кхечуьнца яха хьо, кхоьллина йелахь,
Вицвина кхечуьнга, яхар а нислахь,
Ахь кехат язделахь, хаамца х1етахь…
Леланца ца яьлла, нийса кхел лелла,
Лууриг дечуьнна, лаам ца хилла,
Ху дер вай езнариг, кхоллам ца хилла,
Стигла со хьожур ву, и дешнаш аьлла…
Хамзат Магомадов