(Нохчийн халкъан туьйра)
Цхьа бераш хилла хьуьнаха хьонке дахана, дукха хьонка а карийна, иза боккхуш 1аш, х1орш хьебелла, хьуьнах бода боьлла. Хьуьнах берзалой а хилла уг1уш.
Бераш лахахьа а дитина, воккхоха волу к1ант лекхачу попана т1е ваьлла, чуваха цхьа а ц1ено, я меттиг карайой хьажа.
Д1ёай-схьай хьаьжча цунна цхьа ц1ийна лаппаг1а гина. Цу ц1ийна не1арга баьхкина х1орш.
Не1 схьа а йиллина доккха ешап дуьхьала даьлла кхаьрна, яккхий к1омсарш а йолуш, кегийна еха месаш а йолуш, этт1а х1умнаш а йолуш т1еюьйхина.
— Чудуьйла Бабин бераш – аьлла, чудигна цо уьш.
Т1аккха кохьар хьовзийна ахьар а даьккхина, алу т1етесна мижаргаш а деттина, беттина газана когаш-корта а баийна д1адийшина цо бераш. Ткъа ша пешачу яккхий гоьргаш а ехкина, йоккха ц1е а латийна, пеша хьалхахьа охьабиллина боккха т1улг, цу т1е доккха урс хьоькхуш ирдеш хилла.
Берашка схьа а дирзина ешапо аьлла:
— Вижнарг мила ву, вижазниг мила ву?
Воккхаха волчу к1анта аьлла:
— Вижнарг, вижвзниг со дера ву.
— Хьо х1унда цавуьжу? – хаьттина ешапо.
— Тхан нанас хьаста хьостьий, ара а дохий, ц1енна го тоссуьйтура тхоьга, т1аккхий Бен наб цакхетара тхуна.
Ешапо ара а даьхна, юха чу а дахкийна.
Юха охьахиъна ешап урс ирдан. Т1аккха хаьттина:
— Вижнарг мила ву, вижазниг мила ву?
— Вижнарг со ву, вижазниг дера ву со – аьлла воккхахволчу к1анта.
Ешапо хаьттина:
— Хьо х1унда цавуьжу? – аьлла.
— Тхан нанас буьйсанна цацаначохь хи а дохьий. Хи маладора суна, т1аккхий бен наб цакхета суна. – аьлла к1анта.
Ешап цаца а эцна хит1е дахна. Хи оьцуш схьакхачале 1ений чекх а долий юха доьдуш, иштта ъх1ара леллашехь буьйса д1аяьлла.
Сахилча, ешап ц1адале, к1ант шеен йижарий, вежарий эцна ц1авахна. К1адделла делкъахан хуьлучу хенахь ешап ц1адеъна бах, дилхина, дилхина дела бах.
Г1улдий – булдий цаьрна, кай – бож вайна.
Йийцинарг Шаипов Саид. Х1иди-к1отар. Вина 1934 ш.