Хьо х1унда яйна те — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Хамзат Магомадов

Хьо х1унда яйна те

Маржа я1,

Безамах тешийна

   къагийна дахар,

Ойла сан 1ехийна

   хаздина вахар,

Х1унда хьо яйна те,

   хаам а боцуш…

 

Къегина сирла малх

   кхуьйлина балош,

Ца боха бина мах

   бохийна баржош,

Х1унда хьо яйна те

   хабар а доцуш…

Маржа я1,

Хьо евзаш бевзинчу

   безамах чим беш,

Хьох тешна кхиийна

   ойланаш тиша еш,

Х1унда хьо яйна те

   х1ай Нохчи йо1…

 

Хамзат Магомадов

Оставить комментарий